Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дIайаьхьира семинар-практикум

2022-11-08 155625-mТахана, 2022-чу шеран лахьанан беттан 8-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь методически гӀо-накъосталла дар.

 

2022-11-08 155655

2022-11-08 155931

Семинаре кхайкхина бара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан ишколашкара 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой.

Цул сов, семинаран шолгӀачу декъехь дакъалецира Дагестанера баьхкинчу хьешаша нохчийн меттан ПКЭ дӀайахьаран хьелаш довзаран Ӏалашонца.

2022-11-08 160100

2022-11-08 160122

Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, йистхилира Институтан директоран меттаниг Дашаева Лайлаъ.

2022-11-08 160300

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира ненан меттан маьӀна а, 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьар мехала гӀуллакх хилар а.

2022-11-08 155728

2022-11-08 155746

Кхин дӀа, ПКЭ-н талламан лараран коьчалш тӀехь болх муха бан беза а гойтуш, семинар дӀайаьхьира Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша, «Ас дӀалур йу ПКЭ!» дешаран-методикин гӀо-Ӏаматан авторша: Абдуразаков Шертбека, Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.