Header1 1



Овхадов Муса

photo 2022-11-16 11-06-29-mОвхадов Муса, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декьашхо-корреспондент, Нохчийн Республикин Iилманан хьакъ волу гIуллакххо, вина 1949-чу шеран сентябрь беттан 30-чу дийнахь Юккъерчу Азехь.

1972-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделени тIех дика дешарца чекхъйаьккхинчул тIаьхьа, вайнехан филологин кафедре ассистентан дарже балха дIаийцира иза.

Университетехь, Iилманча а, хьехархо а санна, кхиаран дерриге а тIегIанех чекхваьлла Муса: лакхара хьехархо, нохчийн меттан кафедрин куьйгалхо, говзалла лакхаяккхаран факультетан декъан, дешаран декъехула проректор. 1983-чу шарахь филологин Iилманийн кандидатан а, 2001-чу шарахь Iилманийн докторан а диссертацеш чIагIйина.

Тахана Нохчийн меттан институтан Iилманан лакхара белхахо Овхадов Муса Къилбаседа Кавказехь а, генна цуьнан дозанел арахьа а шуьйра вевзаш меттан Iилманча ву. Иштта шуьйра ду Iилманчин Iилманан хьашташ а: йукъара меттан Iилма, меттан теори, нохчийн мотт хьехаран методика… Йукъарчу а, нохчийн меттан а Iилманан, нохчийн мотт хьехаран методикин а проблемашна леринчу Iилманан 150 сов белхан автор ву М. Овхадов.

Царах коьрта лара догIу:

– Чеченско-русское двуязычие. Грозный, 1983.

– Введение в нахское языкознание. Грозный, 1998 (И.Ю. Алироевца, В.Д. Тимаевца цхьаьна).

– Национально-языковая политика и развитие чеченско-русского двуязычия. М. 2000.

– Социолингвистический анализ развития чечено-русского двуязычия. Грозный, 2007.

Жигара дакъалаьцна Iилманчас «Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта дошам» хIотторехь а. ТIаьхьарчу шерашкахь 5-11-чу классашна леринчу нохчийн меттан учебникашна тIехь беркате къахьоьгуш ву М. Овхадов. Боккха болх бо Iилманчас Iилманан къона чкъор кхиорехь а: М. Овхадов Iилманан куьйгалхо а волуш чIагIйина филологин Iилманийн кандидатан 13 диссертаци.

Хьехаран а, Iилманан а дакъошкахь Iилманчин хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, Овхадов Мусана совгIаташ дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца, А. Мациевн цIарахчу мидалца, «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъ волу гIуллакххо» сийлаллин цIе йаларца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, РФ-н дешаран, Iилманан министерствон, НР-н Правительствон, Парламентан Сийлаллин грамоташца, НР-н Интеллектуальни центран «Дато бухIа» совгIатца, дуккха кхечу совгIаташца.

2022-чу шеран ноябрь беттан 14-чу дийнахь НР-н дешаран а, Iилманан а министран омрица Нохчийн меттан институтан директор хIоттийна Овхадов Муса.

Дала тIаьхье беркате йойла!