Header1 1



Конкурс

photo 2022-11-26 13-28-00-m25-чу ноябрехь, Кхарачойн-Чергазийн Республикин У.Д.Алиевн цӀарахчу пачхьалкхан университетехь дӀайаьхьира Къилбаседа-Кавказан Федеральни округан (СКФО-н) субъектийн а, Адыгейн Республикин а къаьмнийн меттанийн хьехархошна йукъахь дӀахьош йолу хӀорашеран «Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» аьллачу кхайкхамца йолу ХӀӀ-гӀа конкурс.

Конкурсехь дакъалоцуш Шелковски кӀоштан Старогладовски школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Бангачиев Ӏела вара.

Билгалдаккха деза, вайн республикин векал конкурсана кечвеш къахьегнарг НР-н дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Ӏилманан лакхара белхахо Говдаханова Ӏаламат хилла хилар.

photo 2022-11-26 13-28-02

Конкурсан дакъалацархойн ларам беш леррина йеана йара Кхарачойн-Чергазийн Республикин дешаран министр Кравченко Инна.

Конкурсан финалехь, кхаа декъехула: «Медиа-визит» а, «Мастер-класс» а, «Методикин пхьалгӀа» а тӀедахкарш кхочушдира.

Конкурсехь хьалхара меттиг Нохчийн Республикин векала Бангачиев Ӏелас йаьккхина!

photo 2022-11-26 13-27-57

ШолгӀа меттиг Адыгейн а, кхозлагӀа меттиг ГӀебартойн-Балкхаройн а республикийн векалшна кхачийра.

И.Кравченкос толамхошна совгӀаташ а деш, конкурс дӀайахьаран рагӀ, ламасте дирзина ма-хиллара, толам баьккхинчу нохчийн хьехархочуьнга дӀакховдийра.

photo 2022-11-26 13-28-01

Иштта, «Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» конкурс йуха шарахь, Нохчийн Республикехь дӀахьур йу.

 

З.Эльдерханова