Header1 1



Семинар

2022-12-12 112231-mУстрада-ГIалин гуонан БердкIела йуьртан №1 йолчу ишколехь дIайаьхьира "Нохчийн мотт а, литература а хьехарехь хIинцалерчу урокан теорин а, методикин а баххаш" аьлла республикин семинар.

Семинарехь дакъалоцуш вайн республикера дукха хьехархой а бара.

Ткъа ларамечу хьешийн могIарехь бара: НР-н дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Муса а, институтан Iилманан белхахой Хь. Аболханов а, Р. Абдулкадырова а, С. Эдилов а, ткъа иштта, Устрада-ГIалин дешаран департаментан директор С. Усманов а, Устрада-ГIалин мэран гIоьнча Р. Алиев а, иштта кхиболу нах а.

2022-12-12 112407

2022-12-12 112320

Хьеший нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша М. Гагатлаевас, а, З. Гехаевас а, М. Нудаевас а, Х. Даудовас а дIайаьхьначу йиллинчу урокашкахь хилира.

2022-12-12 112043

Хьехархоша кечйинчу урокийн теманаш йара: «Хасаев Хьамзат «Бохам»,«Дошкхолладалар. Орам.», «Шалха мукъаза аьзнаш а, йозанехь уьш билгалдар а», «Предложенин коьртаза меженаш. Кхачам» аьлла. Цул сов, хьешашна лерина кечйина кхин цхьа мероприяти а йара.

2022-12-12 112202

2022-12-12 112215

2022-12-12 112147

Иза лерина йара нохчийн гIараваьлла вевзаш хилла волу хьехархо, Iилманча - методист, педагогикин Iилманийн кандидат, нохчийн букварь - АБАТ-н автор хилла волу Солтаханов Хьусейнан Эльбек дуьнен чу веана 80 шо кхачарна лерина.