Header1 1



Йерригроссин олимпиадин регионан мур

2023-01-13 095406-mКхолламан беттан 12-чу дийнахь, лакхарчу классашкара дика хаарш а, кхоллараллин говзалла а йолу дешархой билгалбахаран Ӏалашонца Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира «нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан мур.

Олимпиадехь дакъалецира Нохчийн Республикин йерриге а кӀошташкара муниципальни муьрехь толам баьккхинчу 9–11 классийн дешархоша.

Цул сов, къовсамехь дакъалаца бакъо йара дӀадаханчу дешаран шеран регионан муьран толамхойн а.

 

2023-01-13 095505

2023-01-13 095437

Къовсамхоша кхочушдинчу тӀедахкарша йукъалаьцнера коьртачу а, йуккъерчу а ишколехь Ӏамо билгалдаьхна меттан дерриге а Ӏилманан дакъош.

2023-01-13 095519

2023-01-13 095535

Цара йаьхначу баллашка хьаьжжана, къастор бу «нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан муьран толамхой.