Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира «нохчийн литература» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан мур

20230117 145752-mТахана, кхолламан беттан 17-чу дийнахь, лакхарчу классашкара дика хаарш а, кхоллараллин говзалла а йолу дешархой билгалбахаран Ӏалашонца Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира «нохчийн литература» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан мур.

Олимпиадехь дакъалецира Нохчийн Республикин йерриге а кӀошташкара муниципальни муьрехь толам баьккхинчу 9–11 классийн дешархоша. Цул сов, къовсамехь дакъалаца бакъо йара дӀадаханчу дешаран шеран регионан муьран толамхойн а.

 

 

VideoCapture 20230117-145344

VideoCapture 20230117-145119

VideoCapture 20230117-145209

Къовсамхоша кхочушдинчу тӀедахкарша толлу дешархойн исбаьхьаллин литературех, халкъан барта кхоллараллех долу хаарш а, кхоллараллин говзалла а.

VideoCapture 20230117-145248

VideoCapture 20230117-145226

VideoCapture 20230117-145427

Цара йаьхначу баллашка хьаьжжана, къастор бу «нохчийн литература» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан муьран толамхой.