Header1 1



«Нохчийн диктант» цIе йолу Республикин дешаран акци

photo 2023-01-19 18-37-37-mХIокху шеран кхолламан беттан 31-чу дийнахь 10 сахьт даьлча Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос «Нохчийн меттан институтаца» цхьаьна дIайахьа лерина йу «Нохчийн диктант» цIе йолу Республикин дешаран акци.

Кхушара и акци лерина йу вайн нохчийн гоьваьлла йаздархо, драматург, Iилманча Ошаев Халид вина 125 шо кхачарна.

Диктант дIахьур йу онлайн кепехь.

Акцехь дакъалаца йиш хир йу Нохчийн Республикин бахархойн а, иштта кхечу мехкашкахь бехачу вайн махкахойн а.

Диктантах лаьцна берриге а хаамаш шуна карор бу Нохчийн меттан институтан интернетан агIонаш тIехь:

https://t.me/nminstitut, @nminstitut (Инстаграм), www.nminstitut.ru (Сайт).