Header1 1



«Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум

2023-02-01 110041-m2023-чу шеран кхолламан беттан 31-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум. Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь методически гӀо-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина вара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан ишколашкара 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш волу 50 хьехархо.

2023-02-01 110148

Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Дешаран-методикин центран куьйгалхо Абдуразаков Шертбек.

2023-02-01 111213

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира ненан меттан маьӀна а, 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьар мехала гӀуллакх хилар а.

2023-02-01 110538

Кхин дӀа, ПКЭ-н талламан лараран коьчалш тӀехь болх муха бан беза а гойтуш, семинар дӀайаьхьира Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша: Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.

2023-02-01 110958

Семинаран болх берзош, цуьнан декъашхоша деллачу дерриге а хаттаршна жоьпаш а луш, дерзоран къамел дира Абдуразаков Шертбека.