Header1 1



«Цхьаьна йеший вай?» цIе йолу Республикин онлайн къовсам

photo 2023-02-02 14-41-50-mХууш ма-хиллара, 2023 шо вайн Мехкан куьйгалхочо, Россин Пачхьалкхан Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца «Нохчийн меттан шо» аьлла дIакхайкхийна ду.

Цунна лерина, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Нохчийн меттан институто а цхьаьна чиллин беттан 6-чу дийнера 28-чу дийне кхаччалц дIабахьа лерина бу «Цхьаьна йеший вай?» цIе йолу Республикин онлайн къовсам. Цу йуккъехь дакъалаца йиш хир йу Нохчийн Республикин бахархойн а, иштта кхечу мехкашкахь бехачу вайн махкахойн а.

Чиллин беттан 6-чу дийнера 28-чу дийне кхаччалц хIокху электронни агIоне Этот адрес электронной почты защищен от спам-ботов. У вас должен быть включен JavaScript для просмотра. схьатаса йеза 2-5 минотана ненан маттахь нохчийн авторийн тоьлла байт йоьшуш йаьккхина видеоролик. Къовсаман жамIаш билгалдийр ду бекарг беттан 13-чу дийнахь Нохчийн меттан институтан электронни агIонашкахь:  https://t.me/nminstitut, @nminstitut, www.nminstitut.ru