Header1 1



Нохчийн Республикехь дӀайаьхьира «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу регионан этнографин диктант

2023-02-22 092838-m2023 шеран чиллин беттан 21-чу дийнахь, Нохчийн Республикехь дӀайаьхьира Нохчийн меттан шарна лерина «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу регионан этнографин диктант. Диктант массо а муниципальни кӀоштийн, гӀалийн округийн дешаран хьукматашкахь цхьана хеннахь, 10 сахьт даьлча, дӀайолийнера.

Диктантан вовшахтохархо ПКУ «Нохчийн меттан институт» йу.

 

2023-02-22 092809

2023-02-22 092731

2023-02-22 092748

 Диктантан Ӏалашонаш:

– республикин бахархойн лингвистикин а, литературин а, этнографин а, культурологин а декъехь долчу хаарийн тӀегӀа йовзар;

– шуьйрачу хаамийн гӀирсийн гонан белхалойн а, нохчийн йукъараллин а ненан меттан, литературин декъехь долчу хаарийн проблемаш тӀе тидам бахийтар;

– эхь-бехкан а, патриотизман а буха тӀехь граждански йукъаралла кхоллар.

2023-02-22 092916

2023-02-22 093125

Диктантан тӀедахкарш тестийн кепехь долчу 100 хаттарх лаьтташ ду.

2023-02-22 093425

2023-02-22 093454

Диктантан декъашхойн аьтто хир бу нохчийн маттах а, литературех а долчу шайн хаарийн барам билгалбаккха.