Header1 1



"Беза, бовза ненан мотт!" цIе йолу регионан этнографин диктант

IMG-20230227-WA0004-2Ламаст хилла дӀахӀоьттина Нохчийн меттан институто хӀора шарахь Нохчийн меттан денна лерина регионан этнографин диктант дӀайахьар.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана боккха тидам тӀебохуьйту нохчийн мотт кхиорна.

Цо билгалдаьккхина: «Нохчийн мотт – иза къоман са ду. Мотт дийна мел бу, деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш. Шен мотт дӀатесча, бицбича, лар йоцуш, доьза дов халкъ».

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министро Дааев Буарин Хож-Баудис къобал а йина, Нохчийн меттан шарна лерина, республикерчу дешаран хьукматашкахь чиллин беттан 21-чу дийнахь дӀайаьхьира «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу регионан этнографин диктант.

 

 

IMG-20230227-WA0003

Диктант масссо а мунициальни кӀоштийн, гӀалийн округийн дешаран хьукматашкахь цхьана хеннахь, 10 сахьт даьлча, дӀайолийра.

Диктантан чулацамехь 100 тӀедиллар дара; царах 50 тӀедиллар – нохчийн меттан, 50 – литературин.

Этнографин диктант вовшахтоха а, дӀайахьа а Нохчийн меттан институто Вовшахтохаран комитет билгалйаьккхинера:

Овхадов М.Р. – институтан директор, Вовшахтохаран комитетан председатель;

Абдуразаков Ш.И. – дешаран-методикин кхачойаран центран куьйгалхо, Вовшахтохаран комитетан жоьпаллин секретарь;

Вагапов Ӏ.Д. – Вовшахтохаран комитетан декъашхо;

Ирезиев С-Хь. С-Э. – Вовшахтохаран комитетан декъашхо;

Эдилов С.Э. – Вовшахтохаран комитетан декъашхо.

IMG-20230227-WA0002

Диктантан Ӏалашонаш:

– республикин бахархойн лингвистикин а, литературин а, этнографин а, культурологин а декъехь долчу хаарийн тӀегӀа йовзар;

– шуьйрачу хаамийн гӀирсийн гонан белхалойн а, нохчийн йукъараллин а ненан меттан, литературин декъехь долчу хаарийн проблемаш тӀе тидам бахийтар;

– эхь-бехкан а, патриотизман а буха тӀехь граждански йукъаралла кхоллар;

– диктантан декъашхойн шайн ненан (нохчийн) маттах долчу хаарийн барамах, церан мехаллех лаьцна ойла кхоллайалийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а. Нохчийн Республикин дешаран хьукматашкарчу дешархойн а, ткъа иштта шайн лаамехь диктантехь дакъа мел лаьцначун а аьтто хир бу нохчийн маттах а. литературех а долчу шайн хаарийн барам билгалбаккха;

IMG-20230227-WA0001

 Диктант йазйеш, жигара дакъалецира 21127 стага.

Царах: 7347 боьрша стаг, 13780 зуда. Этнографин диктантан жамӀийн йукъара балл – 61 балл.

IMG-20230227-WA0000

Диктантан декъашхоша шайна ненан мотт безар а, цуьнга шайн марзо хилар а гайтира.

Хьалха хӀиттийнчу хаттаршна кхоччучу барамехь жоьпаш делира дукхахболчара.

Ненан мотт диктантан декъашхошна безаш, бевзаш хилар бӀаьрла дара цара кхочушбинчу белхаш тӀехь.

ДӀайаьхьна этнографин диктант рогӀера гӀулч йара Нохчийн меттан шарна леринчу гӀуллакхийн.