Header1 1



«Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум

2023-03-02 095051-m2023-чу шеран чиллин беттан 28-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь методически гӀо-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина вара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан ишколашкара 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш волу 50 хьехархо.

2023-03-02 095159

Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса.

2023-03-02 095036

2023-03-02 095647

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира ненан меттан маьӀна а, 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьар мехала гӀуллакх хилар а.

2023-03-02 095713

2023-03-02 095749

Кхин дӀа, ПКЭ-н талламан лараран коьчалш тӀехь болх муха бан беза а гойтуш, семинар дӀайаьхьира Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша: Абдуразаков Шертбека, Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.

2023-03-02 095620

Семинаран болх берзош, цуьнан декъашхоша деллачу дерриге а хаттаршна жоьпаш а луш, дерзоран къамел дира Дешаран-методикин центран куьйгалхочо Абдуразаков Шертбека.