Header1 1



«Нохчийн меттан Регионан талламан балхана кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар-практикум

2023-03-21 171358-m2023-чу шеран бекарг беттан 21-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан Регионан талламан балхана кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо йара йуьхьанцарчу ишколан нохчийн меттан хьехархошна методически гӀo-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина бара йуьхьанцарчу классийн хьехархойн кӀоштийн методикин ассоциацин куьйгалхой а, 4-чу классийн нохчийн меттан хьехархой а.

2023-03-21 171444

Семинар дӀайолош, цуьнан декъашхошка маршаллин дош а олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса.

2023-03-21 171848

Йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Регионан талламан болх кхочушбаро дика жамӀаш гойтург хиларх шеко цахилар а хаийтира цо.

2023-03-21 171507

Семинарехь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министро Дааев Буарин Хож-Бауддис.

Цо хьехархошца йийцаре йира дешархойн хаарийн тӀегӀа лакхадаккха оьшу дешаран-методикин гӀо-Ӏаматаш а, кхиболу методикин гӀирсаш а.

2023-03-21 172007

Кхин дӀа семинаран декъашхошца къамел дира Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран центран куьйгалхочо Абдуразаков Шертбека.

Цо билгалдаьккхира йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Регионан талламан болх йукъабалоро оцу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархоша а, дешархоша а цхьаьна бечу белхан эвсаралла лакхайаккха йезаш хилар.

2023-03-21 171647

2023-03-21 171611

РТБ-н чулацам а, дӀахӀоттам а, маххадоран критереш а йовзуьйтуш, хьехархошка тӀедахкарш кхочуш а дойтуш, семинаран болх дӀабаьхьира Ӏилманан белхалоша: Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.

2023-03-21 171921

Семинаран чаккхенехь, цуьнан декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, къамел дира Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхалоша, Ӏаматийн авторша: Эдилов Салавдис, Солтаханов ИбрахӀима.