Header1 1



ЖамӀаш довзийтарца декъалбо «Цхьаьна йеший вай?» аьллачу къовсаман толамхой

photo 2023-03-27 13-53-18-mВайн Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца 2023-гӀа шо – Нохчийн меттан шо аьлла дӀакхайкхийна хиларна лерина, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос а, Нохчийн меттан институто а дӀабаьхьна «Цхьаьна йеший вай?» цӀе йолу

Республикин онлайн къовсам.

Ненан маттахь нохчийн авторийн тоьлла байташ йоьшуш йаьхна видеороликаш схьатасарца.

Оцу къовсамехь дакъалаьцна 200 сов декъашхочо.

Чулацамца а, йешарца а къаьсташ, вуно хаза а, дика а белхаш дуккха а хиларо дог тешадо, нохчийн меттан дош дезаш, хьакъ доллу тӀаьхье вайн кхуьург хиларх.

Да́къа мел лаьцначунна даггара баркалла а олуш, жамӀаш довзийтарца декъалбо «Цхьаьна йеший вай?» аьллачу къовсаман толамхой:

1-ра меттиг – Гакашева Саида

2-гӀа меттиг – Ашаханов Хьусайн

3-гӀа меттиг – Тавердиева Сумая

«ДогцӀеналлин хьоста» номинацехь билгалбевлла:

Аддиева Эсет

Исраилова Селина

Эльмурзаева Амина

Юхигова Эмила

Иштта «Уггар жима декъашхо» аьллачу номинацица декъалйо Эльдерханова Айзан а.

Дала тӀаьхье беркате йойла!