Header1 1



«Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу рогӀера семинар-практикум

2023-03-28 143119-mТахана, 2023-чу шеран бекарг беттан 28-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь Дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу рогӀера семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь методически гӀо-накъосталла дар.

 

2023-03-28 143016

Семинаре кхайкхина вара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан ишколашкара 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш волу 50 хьехархо.

2023-03-28 143334

Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Дешаран-методикин центран куьйгалхо Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбек.

2023-03-28 142930

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира ненан меттан маьӀна а, 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьар мехала гӀуллакх хилар а.

Бовзийтира ТЛК-н чулацам а, дӀахӀоттам а.

2023-03-28 143449

2023-03-28 143506

Кхин дӀа, тӀедахкарийн маххадоран критереш хьехархошца йийцаре а йина, цаьрга тӀедахкарш кхочуш а дойтуш, семинаран болх дӀабаьхьира Ӏилманан белхалоша: Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.

Семинаран чаккхенехь цуьнан декъашхоша деллачу дерриг хаттаршна жоьпаш а луш, дерзоран къамел дира Абдуразаков Шертбека.