Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайаьхьира «Нохчийн туьйранаша бер кхетош-кхиорехь дӀалоцу меттиг» цӀе йолу семинар-практикум

2023-03-30 150740-m2023-чу шеран бекарг беттан 30-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь Нохчийн филологин лабораторин куьйгалхочо, филологин Ӏилманийн кандидата Расумов Вахас дӀайаьхьира «Нохчийн туьйранаша бер кхетош-кхиорехь дӀалоцу меттиг» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо – кхетош-кхиорхошна методически гӀо-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина бара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан берийн бошмашкара кхетош-кхиорхой.

2023-03-30 150448

Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса.

2023-03-30 150803

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира халкъан бартан кхолларалло вайн бераш кхетош-кхиорехь коьрта меттиг дӀалоцуш хилар а, хӀара тайпа семинар дӀайахьар мехала гӀуллакх хилар а.

2023-03-30 145859

2023-03-30 150051

КхидӀа, барта хазна берийн кхетамехь муьлха меттиг дӀалоцуш йу а, туьйранашца берийн кхетам муха кхио беза а дуьйцуш, семинар дӀайаьхьира Расумов Вахас.

2023-03-30 145954

Семинаран болх берзош, цуьнан декъашхоша деллачу дерриге а хаттаршна жоьпаш а луш, дерзоран къамел а дира.

2023-03-30 145918

Билгалдаккха догӀу, хӀара тайпа семинар вайн Республикехь дуьххьара дӀайаьхьна хилар а, тӀейогӀучу хенахь и болх кхидӀа а дӀабахьа лерина хилар а.

Дала тӀаьхье беркате йойла!