Header1 1



«Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолчу республикански къовсаман регионан мур

2023-04-11 142204-mНохчийн Республикин йукъардешаран хьукматийн 9–11 классийн дешархошна йукъахь дӀахьочу «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолчу республикански къовсаман регионан мур.

Тахана, оханан беттан 11-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран омрица Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира йукъардешаран хьукматийн 9–11 классийн дешархошна йукъахь «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолчу республикански къовсаман регионан мур.

 Къовсамехь дакъалецира муниципальни муьран толамхоша.

2023-04-11 142605

2023-04-11 142300

Къовсаман Ӏалашонаш:

– кегийрхойн кхиаран интеллектан тегӀа лакхайаккхар;

– дешархойн дозуш долу йозанан къамел кхиор а, сочинени йазйан Ӏаморан эвсара зеделларг вовшахтохар а, къепе далор а, даржор а;

– нохчийн маттах а, исбаьхьаллин литературех а долу хаарш лакхара хиларан мехалла кегийрхошна йовзийтар.

2023-04-11 142642

2023-04-11 142527

ДӀабаьхьна къовсам рогӀера гӀулч йара Нохчийн меттан де даздарна леринчу гӀулакхийн.