Нохчийн меттан институтехь хIорашеран "Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2023" республикин конкурсан хьалхара къовсам дIабаьхьира
Оханан беттан 11-чу дийнахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь хIорашеран "Нохчийн меттан тоьлла
хьехархо-2023" республикин конкурсан хьалхара къовсам дIабаьхьира.
Конкурсехь дакъалоцуш вайн республикин ишколашкара нохчийн меттан а, литературин а 18 хьехархо ву.
Конкурсан дакъалацархошка маршаллин дош элира Нохчийн меттан институтан директора Овхадов Рукъманан Мусас а, Дешаран а, lилманан а министран заместитель волчу Зубхаджиев Мохьмад-lелас а, ткъа иштта, генарчу Бурятин Республикера вайн махка кхаьчначу меттан Iилманчийн тобанан декъашхоша а.
Билгалдаккха деза, кхушарлера конкурсан лехамаш хьалха хиллачул башхалла йолуш хилар.
Йерригроссин "Къаьмнийн меттанийн хьехархо" конкурсехь вайн республикин цIарах дакьалоцур ду кху конкурсан толамхочо. Тахана хилла къовсаман зиэр "Методикин пхьалгӀа" аьлла дара.
Кхана "Урок", цул тIаьхьа, хьехархоша шайн хаарш зуьйр ду "Классан сахьт", тIаккха "Мастер класс" зиэрашкахула.
Хьалхарчу шина ("Методикин пхьалгӀа", "Урок") зиэрийн жамIаш дича, билгалвер ву 10 хьехархо.
"Классан сахьт" гайтича, царах лакхара баллаш йолу 5 декъашхо схьакъастор ву.
Конкурсан лехамашца нийса догIуш ма-хиллара, царна йукъахь хир ву хин волу толамхо а.