Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀахьош бу «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам

2023-04-13 130918-mТахана, оханан беттан 13-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон омрица Нохчийн меттан институтехь дӀахьош бу Нохчийн меттан денна лерина йукъарчу корматаллин дешаран хьукматийн дешархошна йукъахь «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам.

 

 

2023-04-13 131023

2023-04-13 131001

2023-04-13 131609

2023-04-13 131710

Къовсаман Ӏалашонаш:

– кегийрхойн кхиаран интеллектан тегӀа лакхайаккхар;

– дешархойн дозуш долу йозанан къамел кхиор а, сочинени йазйан Ӏаморан эвсара зеделларг вовшахтохар а, къепе далор а, даржор а;

– нохчийн маттах а, исбаьхьаллин литературех а долу хаарш лакхара хиларан мехалла кегийрхошна йовзийтар.