"Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2023" республикин конкурсан хьалхарчу декъан жамIаш довзийтира
Оханан беттан 13-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь "Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2023" республикин конкурсан хьалхарчу декъан жамlаш
довзийтира.
18 декъашхочух «Методикин пхьалгlа», «Урок» цlе йолчу хьалхарчу шина зиэрехь билгалваьлла 10 хьехархо.
Хlора декъашхочунна баркаллин дош а олуш, шолгlачу декъе бевлла хьехархой декъалбеш вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса.
Кхана, оханан беттан дейтталгlачу дийнахь, «Классан сахьт» цlе йолчу зиэрах чекхбовла безачу къовсаман декъашхойх билгалвер ву 5 финалист.
Дала тlаьхье беркате йойла!