Header1 1



"Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2023" республикин конкурсан декъашхой «Классан сахьт» цIе йолчу зиэрех чекхбевлира

2023-04-17 091018-mОханан беттан 14-чу дийнахь, "Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2023" республикин конкурсан декъашхой «Классан сахьт» цlе йолчу зиэрех чекхбевлира.

Вуно чулацаме а, кlорггера маьlна долуш а бара хlора хьехархочо вовшахтоьхна болх.

 

 

 

 2023-04-17 094138

2023-04-17 091519

2023-04-17 091410

Делахь а, лерамечу жюрин жамlашца лакхара баллаш йахарца билгалваьлла лахахь хьахийна 6 финалист:

1. Зоотмаран йоl Алиева Макка;

2. СаIданан йоl Батаева Мадина;

3. Асламбекан йоl Шаипова Хьава;

4. Обулайсан кlант Бангачиев lела;

5. Сайд-Эмин кlант Нинигов Мурад;

6. Русланан кlант Джамбеков Бувайсар.

2023-04-17 091227

2023-04-17 091116

2023-04-17 091453

Тахана, оханан беттан 15-чу дийнахь, «Мастер-класс» цlе йолчу зиэрех чекхбовларца, къовсаман декъашхойх билваккха деза «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо- 2023» а, шолгlа а, кхоалгlа а меттигаш йогlу ши лауреат а.

2023-04-17 091627

Дала тlаьхье беркате йойла!