Header1 1



Нийса вахаран масал хилла

photo 2023-04-25 20-38-41-mКхечу куьцара хуьлийла а дацара 1939-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь Арснакъин Тасун кIентан Мохьмад-Бешар-Хьаьжин доьзалехь дуьнен чу вала ирс хиллачу Iабдуллин дахаран некъ. Нохчийчохь а, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дика вевзаш, воккха Iеламстаг вара Мохьмад-Бешар-Хьаьжа.

Дин бахьанехь даккхийчу зиэрех чекхвийлина а вара.

1935-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнахь дуьххьара лецира Тасу-молла а, шен деца дешна, оцу хенахь шуьйра вовза волавелла, кхиъна вогIу Iеламстаг Мохьмад-Бешар а. Iедална ца товш дерг дара царшимма дIакхоьхьу дин даржоран болх. Доьзалшца цхьаьна Юккъерчу Азе кхалхийра да а, кIант а. Цхьа шо ах шо хийрачу махкахь даьккхина, цIа веана дукха хан ялале, шолгIа а лецира 1938-чу шеран хьаьттан (август) беттан 13-чу дийнахь. Тасу-молла 3 шо хан тоьхна Соьлжа-ГIаларчу набахтехь витира, Мохьмад-Бешар 2 шо хан кхайкхийна Мурманске набахте хьажийра. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь кхоалгIа махках вала дийзира Мохьмад-Бешаран, хIинца нохчийн дерриге а халкъаца цхьаьна. Цуьнан дерриге дахар а дара зиэрех чекхвийлар.

1991-чу шарахь, Нохчийчохь бу бохучу Iеламнехан дехаршна жоп луш, Мохьмад-Бешар-Хьаьжа резахилира республикин муфтин хала дукъ тIелаца. Амма дукха хан ялале, халачу харжамна дуьхьал хIоьттира: Делах кхоьруш, хьайн даго хьоьхург къобалдо ахь я Далла хIуъа хетахь а, Iедало бохучунна тIаьхьахIутту хьо? Мохьмад-Бешар-Хьаьжас хьалхарниг хаьржира. Цуьнан Делах кхерар зиэр дара иза. Ишттачу ден кIант вара Iабдулла. Цундела цуьнан мух-мухха а хуьлийла дацара – доьшуш а, болх беш а, адамашца йолчу юкъаметтигашкахь а шен дена товр доцчух ларлуш, цуьнан цIе ларъян юкъ а йихкина, дахарх чекхвелира иза, ша а нийса вахаран масал хилла.

ХIинцачул нийсса 60 шо хьалха, 1957-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь схьайиллира къоман отделени. Бехк-гуьнахь доцуш, махках даьккхинчу къомана шен бакъонаш юьззина юхаерзорехь яьккхина кхин а цхьа гIулч яра иза (цIадерза бакъо яларца, нохчийн маттахь газет дилларца, радиопередачаш йолорца, къоман хелхарийн, эшарийн ансамбль вовшахтохарца цхьаьна). ХIинцца меттахIоттийначу республикехь чIогIа оьшура нохчийн меттан, литературин хьехархой. Бакъду, яккхий шеконаш кхуллуш дара кхуза бахка лууш студенташ хир бу бохург: кхойтта шо даьллера школашкахь нохчийн маттахь дош алаза, цул сов, деша баха хан йолу кегийрхой а, дукхахберш, цIа берзаза бара. Амма хIоьттинчу суьрто массо а цецваьккхинера: дIаэца йолчу таронел уьттазза а сов бара деша бахка луурш. Тайп-тайпана нисбелира дуьххьарлерчу студентийн къоман отделене некъ. Медицинин институте дIаделла кехаташ схьа а эцна, цигахь шен гIуллакх хир доллушехь, хьехархойн институте нохчийн мотт Iамо веара Арсанукаев Iабдулла. Еккъа цхьа говзалла хилла ца Iара цо а, цуьнан накъосташа а хаьржинарг, нохчийн мотт а, цуьнца цхьаьна къоман мел дерг а шайна деза хетар дара гайтинарг.

Юккъехула аьлча, къоман отделени дуьххьара чекхъяккхинчара шайн дахарца и тIечIагIдира – къоман культура а, дешар а, Iилма а кхиорехь бIаьрла лар йитина цара. Цунна цхьа тоьшалла ду Арсанукаев Iабдуллин дахар а. 1962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетан къоман отделени чекхъяьккхинчул тIаьхьа Чечанарчу юккъерчу школин директор волуш дIаболабо цо дешаран хьаьрмахь шен къинхьегаман некъ. Цул тIаьхьа белхаш бо ВаларгтIерачу а, Iалхан-Юьртарчу а школийн куьйгалхо волуш. 1971-чу шарахь дуьйна РСФСР-н дешаран министерствон Къаьмнийн школийн Iилманан-талламан институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь болх бо (Iилманан лакхара белхахо, куьйгалхо волуш). Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь оцу филиалан буха тIехь вовшахтоьхначу Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор лаьтта. Iаламат боккха болх бина I.Арсанукаевс нохчийн литература талларехь а, юккъерчу школехь нохчийн литература хьехаран методика кхиоран декъехь а. Iилманан 150 сов белхан автор ву иза.

Царна юкъахь ю 5–11-чуй классашкахь нохчийн литература хьехаран программаш, фонохрестоматеш, учебникаш, Iаморан-методикин пособеш, дошамаш, критикин статьяш («Нохчийн советски литература. 10-чу классана хрестомати» – 1975, «Нохчийн советски литература. 8-чу классана учебник» – 1976, «6-чу классехь нохчийн литература хьехар» – 1979, «Бадуев СаьIид. Дахар а, кхолларалла а» (соавторца цхьаьна) – 1980, «Юккъерчу школехь лирически а, лиро-эпически произведенеш Iамор» – 1984, «Бадуев СаьIидан кхолларалла школехь Iамор» – 1989, «Школехь исбаьхьаллин произведени таллар» – 2008, «Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIат» – 2010, иштта кхин а). Нийсса аьлча, юккъерчу школехь нохчийн литература хьехаран методикин бухбиллархойх цхьаъ ву Iабдулла. Хьехархошна оьшуш а, цара шайх шуьйра пайдаоьцуш а бу цуьнан белхаш. I.Арсанукаев вевзара хьехархо санна а. Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, нохчийн литература хьехаран методика йовзуьйтуш, беркате къахьийгира цо. Иштта жигара дакъалоцура нохчийн мотт, литература хьехаран гIуллакхаш а, меттан хьал а дийцаре дарна леринчу Iилманан-практикин конференцешкахь, семинарашкахь. Нохчийн меттан хиндолчуьнца доьзна цхьа а хIума хийра доцуш, билггал а дог лозуш, цуьнан кхане хилийтархьама доггах къахьоьгура цо.

Ша къаьсттина ала догIу I.Арсанукаевн «Нохчийн яздархой» балхах. Дуккха а шерашкахь нохчийн литература толлуш, яздархойх материалаш гулъеш, собарца, мало йоцуш, биначу белхан жамI ду иза. Кхаа томах лаьттачу оцу белхан Iалашонах ша автора иштта яздо: «Нохчийн исбаьхьаллин литературин исторехь а, хIинцалерчу литературехь а шайн цIерш йолчу берриге а яздархойх кхачам боллуш хаамаш баларан Iалашо ю хIокху белхан. Кху тIехь хIора яздархочун дахарх лаьцна дуьйцу, цуьнан кхоллараллех кхетам ло, цуьнан ерриге а произведенеш йовзуьйту, цунах лаьцна йолу литература ялайо. Нохчийн литературехь вевзаш волчу хIора яздархочунна лерина ша статья ю. Статьян чулацам иштта бу: яздархочун фамили, цIе; кхоллараллин корматалла (поэт, прозаик, драматург, литературовед, критик, гочдархо); вина хан, вина меттиг; ден цIе, цуьнан корматалла; яздархочун дахар а, кхолларалла а; цуьнан ерриге а произведенийн цIерш, ара маца евлла а, мичахь евлла а хоуьйтуш; цунах лаьцна йолу ерриге а литература, маца, мичахь зорбатоьхна а дуьйцуш. Цу тайппана, яздархочун биографий, кхоллараллий йийцина ца Iаш, библиографи а ялийна. Библиографин ша дакъа ду: яздархочун произведенеш, цунах лаьцна литература. Уьш ялийна шаьш зорбанехь арайийларан рожехь, хронологи ларъеш. Яздархойх лаьцна йолу статьяш дIанисйина алфавитца йогIуш. Цу тайппана, хIара нохчийн яздархойх лаьцна биобиблиографин довзийтар ду (биобиблиографически справочник).

Нохчийн литературин исторехь нохчийн маттахь хIокху кепара болх хилла бац, иштта шуьйра чулацам болуш-м я оьрсийн маттахь а. Оцу мехалчу белхан кхо книга араяккха ларийра Iилманча: хьалхара том а, шолгIачу томан ши книга а. ХХ-чу бIешеран 50-гIа шераш тIекхаччалц йолчу заманахь литератури юкъабаьхкинчу яздархошна лерина ю хьалхара том. ХХ-чу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкинчу яздархойх дуьйцуш ю шолгIачу томан ши книга. Мел халахеташ делахь а, вайн заманан яздархошна лерина том араяккха ца ларош, бакъдуьнена верзар нисдели Iабдуллин (Дала гечдойла цунна). Араяьллачу кхаа книги тIехь нохчийн 58 яздархочух хаамаш бу. Дуьйцучух мелла а кхеташ хилийтархьама, далор вай цхьа масал. Мамакаев Мохьмад вовзийтарна леринчу агIонашкахь ялийна, кхачам боллуш дика язйина, яздархочун дахаран а, кхоллараллин а некъах лаьцна статья. Цул тIаьхьа ялайо нохчийн а, оьрсийн а, кхечу а меттанашкахь арайийлинчу произведенийн список. Уьш маца, мичахь араевлла а гайтина (газеташкахь, журналашкахь хилларш а тIехь). Ур-атталла, газетехь яздархочун кхоллараллин суьйренех лаьцна хаам а юкъах ца буьтуш, М.Мамакаевна лерина литература йовзуьйту. Терахьашца аьлча, яздархочун 122 произведенех, Iилманан балхах, цунна леринчу 97 статьях хаамаш ло I.Арсанукаевс. Оцу кеппара бовзуьйту бисина яздархой а.

Нохчийн литература, литературин истори йовзаре, талларе хьашт долчарна (Iилманчашна, журналисташна, хьехархошна, студенташна, дешархошна) чIогIа пайде, оьшуш болх бу Арсанукаев Iабдуллас бинарг. Цхьа а шеко йоцуш, Iилманчин кхоллараллин хьуьнар ду иза.

Iабдуллех дуьйцуш, кхин цхьаъ а билгалдаккха лаьа – уллера гергарло леладора цо «Даймокх» газетаца. Цхьа номер юкъах ца юьтуш, дукха лерина лелош газетан подшивкаш яра цо куьйгалла дечу институтехь. Оцу я вукху яздархочух я цхьана хиламна лерина статья язъяр дехча, хIан-хIа доцуш, ша аьллачу хенахь статья хуьлуьйтура. Газетехь, ша резаволуш, шена маьIне хеташ, материал нисъелча, и хьаннах лаьцна елахь а, цунах кхаъ хуьлий, баркаллаш бохуш хуьлура (телефонехула я цхьаьнакхеттачохь).

Белхан накъосташа, говзанчаша, хьехархоша дукха лакхара хадийна I.Арсанукаевн Iилманан белхийн мах, амма дешаран хьаьрман белхахошна а, республикин кхоллараллин интеллигенцин векалшна а юкъахь Iабдулла лаккхарчу сий-лараме кхачаран кхин цхьа бахьана а дара – цуьнан сица, цIийца хилла ийман, нохчийн гIиллакх, оьздангалла. Ша вевзинчарна массарна а нийса вахаран, лаккхарчу гIиллакх-оьздангаллин масал хилла лаьттира Iабдулла шен дерриге а дахарехь.

Тахана, Нохчийн меттан дийнахь, вай баркаллица дагалоьцу нохчийн маттах шайн дахаран къилба дина, цуьнан хиндолчун дуьхьа хьанал къахьоьгуш баьхна, бакъдуьнена бирзинарш – Мациев Ахьмад, Дешериев Юнус, Арсаханов Исраил, Вагапов Якъуб, Эсхаджиев Якъуб, Джамалханов Зайнди, Солтаханов Элбек… ХIинца церан могIарехь ву, дукха хан йоццуш, вайна юкъара дIавахана Арсанукаев Iабдулла а. Церан цIерш, йиц ца луш, ехар ю нохчийн меттан исторехь.

 

Хь.АБОЛХАНОВ
"Даймохк" газет №32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо.