Header1 1



«Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам

photo 2023-05-04 15-55-57-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон 2023-чу шеран бекарг беттан 9-чу дийнахь арадаьллачу № 386-п йолчу омрица догӀуш, Нохчийн меттан институто 2023 шеран оханан беттан 13-чу дийнахь дӀабаьхьира Нохчийн меттан денна лерина йуккъерчу корматаллин дешаран хьукматийн дешархошна йукьахь «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам. Цигахь дакъалецира республикин йуккьерчу корматаллин дешаран хьукматашкара студенташа.

 

photo 2023-05-04 15-55-56 2

Къовсаман Ӏалашонаш:

– кегийрхойн кхиаран интеллектан тӀегӀа лакхайаккхар;

– дешархойн дозуш долу йозанан къамел кхиор а, сочинени йазйан Ӏаморан эвсара зеделларг вовшахтохар а, къепе далор а, даржор а;

– кегийрхойн нохчийн маттаца а, литературица а, коьртачу синмехаллашца санна, дика йукъаметтиг кхоллар;

– нохчийн маттах а, исбаьхьаллин литературех а долу хаарш лакхара хиларан мехалла кегийрхошна йовзийтар.

photo 2023-05-04 15-55-57 4

Нохчийн меттан сочиненеш талла (мах хадо) вовшахтоьхна комисси:

– Хунарикова П.А., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин председатель;

– Абдулкадырова Р.А., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин декъашхо;

– Тутаева С.Л., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин декъашхо;

– Хасаров Р. Ш., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин декъашхо.

Къовсаман декъашхоша йазйира «Нохчийн мотт – сан дозалла!» темина сочинени.

photo 2023-05-04 15-55-56

Чулацам темица богӀуш болуш, тема йуьззана схьайиллина хиларца а, меттан говзалла лакхара хиларца а, Ӏилманан, историн, исбаьхьаллин литературин коьчалех нийса пайдаэцарца а билгалбевлира хӀокху студентийн белхаш:

– Эпсирова Джабраилан ПетӀмат, Нохчийн пачхьалкхан экономикин колледжан 1-чу курсан дешархо (1-ра меттиг);

– Исраилова Салахьан Ӏайшат, Курчалойн пачхьалкхан колледжан 1-чу курсан дешархо (2-гӀа меттиг);

– Абдулазимова Юсупан Хадишат, Соьлжа-ГӀалин хьехархойн коледжан 4-чу курсан дешархо (3-гӀа меттиг);

– Абдулхаджиева Асламбекан Хадижат, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн колледжан 1-чу курсан дешархо (3-гӀа меттиг).

photo 2023-05-04 15-55-57 2

ДӀабаьхьна къовсам рогӀера гӀулч йара Нохчийн меттан де даздарна леринчу гӀуллакхийн.