Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон 2023-чу шеран бекарг беттан 9-чу дийнахь арадаьллачу № 384-п йолчу омрица догӀуш, Нохчийн меттан институто 2023 шеран оханан беттан 11-чу дийнахь дӀабаьхьира Нохчийн меттан денна лерина йукъардешаран хьукматийн
9-11-чуй классийн дешархошна йукьахь «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам.
Цигахь дакъалецира муниципальни къовсамехь хьалхара меттигаш йаьхначу 9-11-чуй классашкара дешархоша.
Къовсаман Ӏалашонаш:
– кегийрхойн кхиаран интеллектан тӀегӀа лакхайаккхар;
– дешархойн дозуш долу йозанан къамел кхиор а, сочинени йазйан Ӏаморан эвсара зеделларг вовшахтохар а, къепе далор а, даржор а;
– кегийрхойн нохчийн маттаца а, литературица а, коьртачу синмехаллашца санна, дика йукъаметтиг кхоллар;
– нохчийн маттах а, исбаьхьаллин литературех а долу хаарш лакхара хиларан мехалла кегийрхошна йовзийтар.
Нохчийн меттан сочиненеш талла (мах хадо) вовшахтоьхна комисси:
– Тутаева С.Л., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин председатель;
– Абдулкадырова Р.А., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин декъашхо;
– Хунарикова П.А., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин декъашхо;
– Хасаров П.А., институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин декъашхо.
Къовсаман декъашхоша йазйира «Нохчийн литературехь Ӏаламан васт» цӀе йолу сочинени.
Чулацам темица богӀуш болуш, тема йуьззана схьайиллина хиларца а, меттан говзалла лакхара хиларца а, Ӏилманан, исбаьхьаллин литературин коьчалех нийса пайдаэцарца а билгалбевлира хӀокху дешархойн белхаш:
– Хадашева Русланан Ясмина Соьлжа-ГӀалин № 5 йолчу гимназин 10-чу классан дешархо (1-ра меттиг);
– Дакаева Лечин Марьям, Гуьмсан муниципальни кӀоштан Ишхойн-Юьртан йуккъерчу йукъардешаран ишколан 10-чу классан дешархо (2-гӀа меттиг);
– Масхадова Тамерланан Танзила Курчалойн муниципальни кӀоштан Ӏаларой-Эвлара йуккъерчу йукъардешаран ишколан 9-чу классан дешархо (3-гӀа меттиг);
– Мадаева Елизавета Андарбековна, Шуьйтан кӀоштан Вашандарара йуккъерчу йукъардешаран ишколан 9-чу классан дешархо (3-гӀа меттиг).
ДӀабаьхьна къовсам рогӀера гӀулч йара Нохчийн меттан де даздарна леринчу гӀуллакхийн.