Header1 1



«Тоьлла нохчийн меттан кабинет» цӀе йолу республикански къовсам

2023-05-10 092535-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон омрица Нохчийн меттан институто xӀopa шарахь дӀахьо Нохчийн меттан денна лерина «Тоьлла нохчийн меттан кабинет» цӀе йолу республикански къовсам.

Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана боккха тидам тӀебохуьйту нохчийн мотт кхиорна а, и Ӏамо хьелаш кхолларна а. Цо билгалдаьккхина: «Нохчийн мотт бийцина ца Ӏаш, ойла а нохчийн маттахь йан йеза вай...».

2023-05-10 092829

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон 2023-чу шеран бекарг беттан 9-чу дийнахь арадаьллачу № 387-п йолчу омрица догӀуш, республикерчу дешаран хьукматашкахь оханан беттан 1-15-чуй деношкахь дӀабаьхьира «Тоьлла нохчийн меттан кабинет» цӀе йолу республикански къовсам. Къовсамехь дакъалаца билгалйаьккхина йара кӀоштан къовсамехь хьалхара меттигаш йаьхна 14 ишкол.

2023-05-10 092405

Республикерчу дешаран хьукматашкара нохчийн меттан кабинетийн экспертиза йан (мах хадо) Вовшахтохаран комитето комисси билгалйаьккхинера:

– Ш.И. Абдуразаков, институтан дешаран методикица кхачойаран центран доладархо – комиссин председатель;

– Л.С. Тутаева, институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссии декъашхо;

– А.П. Хунарикова, институтан лакхара Ӏилманан белхахо – комиссин декъашхо.

2023-05-10 092858

Къовсаман Ӏалашонаш:

– дешаран хьукматашкахь тӀейогӀучу ханна методически кхачойар, дешаран-коьчалийн база кхачаме йарехула дешаран эвсаралла лакхайаккхар;

– ненан (нохчийн) мотт баржор а, иза дӀахьехаран эвсаралла лакхайаккхар а;

– дешархой нохчийн меттан а, вайнехан синмехаллийн а ларам бан Ӏамор.

2023-05-10 092449

Декхарш:

– вайзаманан финансийн-экономикин хьелашкахь кабинетийн дешаран база кхачаме хиларан позитивни зеделларг гучудаккхар а, иза дӀасадаржор а;

– дешаран кабинетан статус лакхайаккхар;

– кабинетехь дӀахӀоттийнчу балхе хьаьжжана, дешархойн классера а, классал арахьара а болх жигарбаккхар;

– вайзаманан дешаран, хаамийн технологех пайдаэца хьехархойн лаам кхоллар.

2023-05-10 092710

ХӀинцалерчу хьежамашца, федеральни стандартийн лехамашца йогӀуш, нохчийн меттан, литературин хьехархойн дешаран-методикин кабинет хила хьакъ йолуш билгалйевлира:

– Соьлжа-ГӀалин № 5 йолу гимнази (кабинетан доладархо – нохчийн меттан, литературин хьехархо Исакова Наврдинан Бирлант) – 1-ра меттиг;

– Соьлжа-ГӀалин муниципальни кӀоштан Садови йуьртара йуккъера йукъардешаран ишкол (кабинетан доладархо – нохчийн меттан, литературин хьехархо Ильясова Аминат) – 2-гIа меттиг;

– Гуьмсан муниципальни кӀоштан Шоьнара йуккъера йукъардешаран ишкол (кабинетан доладархо – нохчийн меттан, литературин хьехархо Магомедова Ӏалавдин Элита) – 2-гIа меттиг;

– Хьалха-Мартан № 9 йолу йуккъера йукъардешаран ишкол (кабинетан доладархо – нохчийн меттан, литературин хьехархо Домбаев Вакхатан Хьамзат) – 3-гIа меттиг;

– Эна-Хишкан муниципальни кӀоштан Эна-Хишкара № 1 йолу йуккъера йукъардешаран ишкол (кабинетан доладархо – нохчийн меттан, литературин хьехархо Батаева Саданан Мадина) – 3-гIа меттиг.

2023-05-10 092552

ДӀабаьхьна къовсам рогӀера гӀулч йара Нохчийн меттан де даздарна леринчу гӀуллакхийн.