Нохчийн мотт – сан дозалла!
Гуьмсан муниципальни кӀоштан Шоьнарчу йуккъерчу школехь Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар даздаран гӀуллакх дӀадаьхьира.
Цхьаьнакхетарехь бара сийлахь хьеший Гуьмсан муниципальни кӀоштан векалш, гӀарабевлла йаздархой, йукъардешаран хьукматийн куьйгалхой а, церан гӀоьнчаш а, ткъа иштта нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, дешархой.
Цхьаьнакхетар схьадиллира Гуьмсан муниципальни кӀоштан дешаран Урхаллин куьйгалхочо Алхазов Ӏабдул-ГӀауран Зураба. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира нохчийн мотт Ӏалашбан а, цуьнан хьелаш алсамдаха а, ткъа иштта вайн оьздангаллин гӀиллакхаш довзийта а, меттан шорто алсамйаккхарехь дан дезарг.
2023-гӀа шо – Нохчийн меттан шо ду аьлла, дӀакхайкхина Россин а, Нохчийн Республикин а Турпалхочо, Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. «Вай даима а дагахь латто деза ненан матто къоман кхиарехь доккха дакъалоцуш хилар. Нохчийн Республикин Дуьххьарлерачу Президента, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжас олура: «Шен ненан мотт безаш, лоруш волчо – ша а, шен къам а лору». Иза бакъдерг ду. Мотт – иза хӀора къоман гӀиллакх-оьздангалла, кхетам дӀакхоьхьург бу».
Цул тӀаьхьа вистхилира Гуьмсан кӀоштан Къеда Абдулмуслимов Мохьмадан Аамир. Цо дийцира къоман оьздангалла а, мотт а ларбарх лаьцна. Иштта дахарера масалш далийра, дийцира бусалба дин тӀедале хьалха хиллачу ламастех лаьцна.
Кхоллараллин тобанан цӀарах вистхилира Борхаджиев Рамзанан Хожбауди а, Сумбулатов Абу-Ӏелин Дени а. Рамзанан Хожбаудин байташ а, цуьнан кхолларалла а бен ца хеташ цхьа а вуьсур вац. Цуьнан башха поэзи дахарера зеделларг а, керланиг а довзуьйтуш йу.
Нохчийн меттан говзанча волчу Сумбулатов Денис шен къамелехь дагадаийтира, дӀадаханчу бӀешеран 20-30-чуй луьрачу шерашкахь Нохчийн Республика муха кхоллайелира. Дийцира къоман оьздангалла а, мотт а ларбарх лаьцна. Вайн нохчийн литературин къаноша СаьӀид Бадуевс, Мохьмад Мамакаевс, Халид Ошаевс, Курумова Селимас, Исаева Марема, иштта кхиболчара а, къахьийгира, нохчийн мотт тӀаьхьенна дӀакхочо гӀерташ.
Массеран а чӀогӀа самукъадаьккхира къоначу артисташа шайн эшаршца а, хелхаршца а.
Цхьаьнакхетар дерзош совгӀаташ даларан церемони хилира, муниципальни къовсадаларийн толамхошна а, совгӀатхошна а: «2023 шеран Нохчийн меттан тоьлла хьехархо», «Нохчийн меттан тоьлла кабинет», 99-11 чуй классийн векалш йукъахь йиллина олимпиада», йешархойн къовсам «Бекалахь, ненан мотт, тахана!», «Цхьаьна йеший вай?», «Тоьлла литературни альманах».
Гуьмсан кӀоштан дминистрацин а, Нохчийн меттан институтан а, иштта дешаран Урхаллин цӀарах дипломашца, Сийлаллин грамоташца совгӀаташ дира шайн дахаран шераш балхана дӀаделлачу нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна, Дала тӀаьхье беркате йойла вайн!