Header1 1



ХIутосург беттан 22-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь конкурсийн жамӀаш дар дӀадаьхьира

2023-05-23 132142-mХIутосург беттан 22-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо – 2023», «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени», "Нохчийн меттан а, литературин олимпиадаш, " Цхьаьна йеший вай?" республикин конкурсийн жамӀаш дар дӀадаьхьира.

Номинацийн толамхой а, декъашхой а, толамхой кечбина хьехархой а, жюрин декъашхой а декъалбеш, дипломашца а, сийлаллин, баркаллин кехаташца а декъалбеш, мехала совгӀаташ даларца дӀадирзира и мехала цхьаьнакхетар.

2023-05-23 131157

Царна совгlаташ дlа а луш, хlинццалц схьа кхочушдинчух а, кхидlа хьалха лаьттачу декхарех а, нохчийн мотт кхиорехь вайн Мехкан Куьйгалло дечу гlуллакхех а дуьйцуш, вистхилира Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министран заместитель волу Зубхаджиев Мохьмад-lела.

2023-05-23 131039

Цо шен къамелехь билгалдаьккхира, меттан хьал тодарехь беш болу болх шо мел долу а жигара болуш хилар. Иштта, нохчийн меттан хьелаш тодарехь, кхиорехь вайн Мехк-Дас хаддаза йечу тергонна даггара баркалла а элира цо.

2023-05-23 131553

2023-05-23 131436

Иштта даггара баркалла элира Мохьмад-lелас Нохчийн меттан институтан директорна Овхадов Мусана а, цуьнан белхахошна а!

2023-05-23 131515

2023-05-23 131135

Шен рогlехь вистхуьлуш, Нохчийн меттан институтан куьйгалхочо Овхадов Мусас институтан белхахойн цlарах даггара баркалла элира дешаран а, lилманан а министерствон куьйгаллина, нохчийн мотт кхиор lалашонца вовшах мел тухуш болчу балха тlехь даима гlо-накъосталла дарна.