Header1 1



Беркате цхьаьнакхетар

photo 2023-05-23 20-45-07 2-mМотт боцуш къам хуьлуш дац. Мотт - иза къоман орам бу. Вайн йерриге а синмехаллаш цу маттаца йу. Нохчийн маттана беш боккха тlе1аткъам бу вайн Махкахь. Хууш ма-хиллара 2007-чу шарахь вайн Мехк-Дас билгалдира оханан беттан 25-гlа де, «нохчийн меттан де» ду аьлла.

Хlетахь дуьйна беркате, хаза ламаст хилла схьадогlуш ду иза вайн махкахь. Иштта, даханчу шарахь вайн Мехк-Дас карара 2023-гlа шо «Нохчийн меттан шо» ду аьлла дlакхайкхийра. Цуьнца доьзна lаламат дукха белхаш бина Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министерствос а, Нохчийн меттан институто а, lилманчаша а. Цаьрца цхьаьна Нохчийн Республикин моссо а хьукматашкахь дlайаьхьира тайп-тайпана конкурсаш а, цхьанакхетарш а, горга стоьлаш а.

photo 2023-05-23 20-45-07 5

Хlара шо доладелчахьана дlайаьхьначу конкурсийн жамlаш деш хlутосург беттан 22-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дlадаьхьира цхьаьнакхетар.

photo 2023-05-23 20-45-07 6

Сийлаллин а, баркаллин а кехаташца декъалбира цу конкурсашкахь жигара дакъа лаьцнарш.

photo 2023-05-23 20-45-08

Иштта Сийлаллин а, баркаллин а кехаташца совгlаташ дира Нохчийн меттан институтан белхахошна а: Нохчийн меттан институтан директоран заместительна Мусан йоlана Магамшарипова Фатимина а, Дешаран а, методикин а центран куьйгалхочунна Абдуразаков Ибрехlиман Шертбекана а, Хаамийн-аналитикийн а, редакцин-арахецаран а отделан куьйгалхочунна Арсанукаев lабдуллин lабдул-Барна а, Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран отделан куьйгалхочунна Лечин йоlана Говдаханова lаламатна а, Нохчийн филологин лабораторин куьйгалхочунна Расумов Шаlманан Вахина а, Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран отделан lилманан лакхара белхахочунна Байсолтан йоlана Вагапова Асетана а, Нохчийн филологин лабораторин lилманан лакхара белхахочунна Алхазуран йоlана Абдулкадырова Раисина а, кадрийн отделан куьйгалхочунна Вахин йоlана Джадаева Яхина а, иштта цу конкурсашкахь жигара дакъа лаьцначу белхахошна а.

photo 2023-05-23 20-45-07 3

Шен дашехь Нохчийн меттан институтан директорна Овхадов Рукъманан Мусана а, цуьнан белхахошна а доккха баркалла элира Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министран заместитела Зубхаджиев Вахин Мохьмад-lелас. Иштта тахана совгlат мел диначунна Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министран Дааев Буарин Хож-Баудин цlарах массарна а ахчан совгlаташ а дира.

photo 2023-05-23 20-45-07

photo 2023-05-23 20-45-07 4

Шен рогlехь даиманна а нохчийн маттана а, lилманна а сема терго йечу Буарин Хож-Баудина а, иштта цуьнан белхахошна а доккха баркалла элира Нохчийн меттан институтан директора Овхадов Рукъманан Мусас.