Header1 1



Нохчийн меттан институтехь  дӀайаьхьира рогӀера семинар

photo 2023-07-12 23-05-34-mМангалан беттан 12-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь хьехархошна лерина дӀайаьхьира, «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» цIе йолу рогӀера семинар.

Йуьхьанцарчу классийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн, нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонашца йоза йаздар дӀадахьаран керла кеп карайерзо а, дӀахьеха а гӀо лацаран Ӏалашонца дIахьош бу хIара болх.

Нохчийн меттан институтан куьйгалхочо Овхадов Мусас бовзийтира учебникаш тIехь орфографин хьокъехь бина хийцамаш.

Цул совнах хьехархошна довзийтира уьш берашна дlахьехаран некъаш.

photo 2023-07-12 23-05-34 2

- Мотт lалашбарехь а, дlахьехарехь а доккха дакъа диллар иза вайн хlораннан а декхар ду - билгалдира Нохчийн меттан институтан куьйгалхочо.

Дала ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь lамо а, караберзо а.