Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайирзира йуьхьанцарчу классийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина рогӀера семинар

photo 2023-07-13 23-07-42 2-mМангалан беттан 13-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дӀайирзира йуьхьанцарчу классийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина рогӀера семинар.

Республикин йерриге а кӀошташкара хьехархой бара кху деношкахь дIайаьхьначу семинарашкахь дакъалоцуш.

Йуьйцуш йолу Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн гулар хӀотторехь къахьегначу нохчийн меттан Ӏилманчас, Овхадов Мусас масалш далош мелла а кIорггера бовзийтира керлачу бакъонийн бехкамаш.

photo 2023-07-13 23-07-45

Цул совнах, нийсайаздаран керлачу бакъонашца доьзнарг шайн балхана йукъа муха дало деза а, иза берашна дIакхачорехь муьлхачу эвсараллин некъех, кепех пайдаэца мегар ду а довзийтира хьехархошна.

photo 2023-07-13 23-07-44

Хьехархоша билгалдаьккхира, кху тайпа семинар а, вовшах дагдовларш а, шайна оьшуш а, пайдехь а хилла хилар.

photo 2023-07-13 23-07-43

Нохчийн меттан хьехархочо мотт Iамийна ца Iаш, дешархочунна шен мохк а, къам а, цхьана дашца аьлча, нохчалла марзйеш къахьоьгу.

Дала аьтто бойла! Дала тIаьхье беркате йойла вай бечу белхан!