Header1 1



РОССИН ФЕДЕРАЦИН КЪАЬМНИЙН ГlУЛЛАКХИЙН АГЕНТСТВО кхечира Нохчийн меттан институте

2023-08-07 102241-m2023-чу шеран хьаьттан беттан 4-чу дийнахь, РОССИН ФЕДЕРАЦИН КЪАЬМНИЙН ГlУЛЛАКХИЙН АГЕНТСТВО кхечира Нохчийн меттан институте.

Цаьрца къамел дира институтан директора Овхадов Рукъманан Мусас.

Дийцаре динарг а, церан lалашо хилларг а дара къаьмнийн меттанийн вовшашца йолу уьйраш йовзар а, меттанийн а, меттан lилманийн а вовшашца дозуш дерг а.

 

2023-08-07 102137

Иштта Рукъманан Мусас йовзийтира Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министерствоца цхьаьна, цуьнан министр Дааев Буарин Хож-Бауди коьртехь а волуш, Мехк-Ден, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан лоьмар 83 йолчу Указца "Нохчийн меттан коьртачу бакъонашца" хlоттийна йолу "Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам".

2023-08-07 102123

2023-08-07 101922

Вайн Мехк-Дена Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна а, Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министрана Дааев Буарин Хож-Баудина а, Нохчийн меттан институтан директорна Овхадов Рукъманан Мусана а доккха баркалла аьлла д1абахара хьеший!