Header1 1




ХАРАЧОЙН ЗЕЛАМХА

ГӀараваьлла волу обарг Харачойн Зеламха вина 1872 шарахь Веданан кӀоштан Хороча йуьртахь, дикка хьалдолуш хиллачу ГӀушмазукъин доьзалехь.

ЧӀирана шен мостагӀ а вийна, Ӏедало лаьцначуьра ведда, обарг велира Зеламха.

Цул тӀаьхьа цуьнан дахар дерриге къоман а, мехкан а сийна тӀекхийдачарна бекхам беш, цхьа минот а маьрша йоцуш, чекхделира.

Иза дара цуо Соьлжа-ГӀалахь цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш байъинчу нехан чӀир оьцуш а, ша бахьнехь миска нах хьийзош хиллачу Ӏедалан куьйгалхошка жоп доьхуш а, гӀийла бохкучу нахана шега далун гӀо-накъосталла деш а.



НУРАДИЛОВ ХАНПАША

Нурадилов Ханпаша вина 1924 шарахь ДегӀастанарчу Хасун-Йуьрта кӀоштан Ярыксу-Аух йуьртахь Нурадилан, Гизарун доьзалехь.

Ханпашин ши шо кхочуш иза (тӀера да а, нана а делла) шел воккхачу шинан вешица шайн гергара нах болчу Минай-Тугай йуьрта дӀакхелхира.

Цигахь ишколе деша вахара Ханпаша. Дукха хан йалале Акхташ-Аух йуьртарчу берийн интернате дӀавелира иза.

1938 шарахь цуьнан воккхахволчу вашас – Мухтарпашас, ша ЦӀечу эскаре гӀуллакх дан воьдуш, 14 шо бен кхачанза волу Ханпаша, цуьнан 16 шо кхаьчна, аьлла, кехаташ а дахийтина, машинистан балха хӀоттийра.



ШЕРИПОВ АСЛАМБЕК

ГӀараваьлла волу къонах, нохчийн ЦӀечу Эскаран баьчча Шерипов Асламбек вина1897 шарахь Шуьйтан кӀоштан ГӀаьттин-Кхаьлла йуьртахь Чахкар-ГӀалахь тӀеман гӀуллакх деш хиллачу эпсаран Джемалдин доьзалехь.

КӀант шен лорах вахан лууш, Полтавехь йолчу кадетийн корпусе деша хӀоттаво дас.

Амма цигара дешар цатайначу кӀанта, Соьлжа-ГӀалин реальни училище сехьа воккхийта ша. 1917 шарахь иза чекхйоккху Асламбека.

Россера паччахьан Ӏедал а дохийна, керла Ӏедал хӀоттон арабевллачу нахах дӀакхета Асламбек, цара ламанхошна шаьш лун йолу паргӀатонаш йуьйцуш дийцинчу хабарех а тешна.



ВИСАИТОВ МОВЛАДИ

ЦӀеран цӀейахна волу бӀаьхо, Советски Союзан турпалхо, Ӏамерк пачхьалкхан «Сийлаллин легион» цӀе йолчу уггар лакхарчу орденан кавалер Висаитов Мовлади вина 1913 шеран 13 майхь Теркйистерачу Лаха-Неврехь.

Ишколехь дешна ваьлча, 1932 шарахь, ЦӀечу Эскаре гӀуллакх дан воьду иза.

1935-чу шарахь цуо чекхйоккху БуритӀара гӀашсалтийн училище а, 1941 шарахь – дошлойн комсоставан курсаш а.

Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом болалуш иза 34-гӀа дошлойн полкан эскадронан куьйгалхочун даржехь хуьлу.



ШОИП-МОЛЛА

Тоьлла волу нохчийн тӀеман баьчча, Имам Шамала чӀогӀа лоруш а,  цуьнан уггар йуххера а волу наиб а, мудир а ЦӀонтаройн Шоип-Молла вина Билта-эвлахь (Тухчар) 1804 шарахь, дешначу стеган, Нохчмахкахь хиллачу Мехкан-Кхелан куьйгалхочун Мохьмад-Хьаьжин доьзалехь.

Жима волуш цуо Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а тоьллачу Ӏеламнах болчехь дийшира.

Дешна ваьллачул тӀаьхьа, цхьана йукъанна йуьртан молла лаьттира иза.

Амма марсабаьлла дӀабоьдучу Кавказан тӀамна йуьстах вуьсийла дацара ШоӀип.

Цхьана йукъанна Имам ГӀеза-Мохьмадан гӀоьнча хуьлу иза.

Иза вийначул тӀаьхьа, Ташу-Хьаьжин муридех дIакхета иза.