
МАЙЛИН ТАЙМАСХА
ГӀарайаьлла йолу Кавказан тӀеман декъашхо Майлин Таймасха (Молова Таймасха) йина Гихтахь.
Шен воккхах волу ваша тӀамтӀехь вийча, нохчийн Ӏадатехь цунах бекхам бан арайолу иза.
Цуьнан доьналла а, майралла а девзинчу йуьртахоша шайн баьчча хоржу Таймасха. Имам Шамалан вевзаш волчу наибан Ахверди-Махьмин куьйган кӀелахь хуьлу иза.
Иштта цуо дакъалоцу Лермонтов цецвийлинчу 1840 шарахь Валарг-хи тӀехь хиллачу луьрачу тӀамехь а.
Итт шо сов хан йоккху Таймасхас бӀаьхьаллин гӀуллакх кхочушдеш.
1842 шарахь Яндаре олучу меттехь хиллачу тасадаларшкахь, чевнаш а йой, мостагӀаша йийсаре лоцу иза.
Цунах дерг шена хиъча, Россин императора Николай Хьалхарчо Петербурге шена тӀейалайе иза, олий, омра а дой, цунна тӀейуьгу Таймасха.
Шена иза тӀейалийча, паччахьо хотту цуьнга: «Ас хьо маьрша йитахь, Россин дуьхьал кхин тӀом а ца беш ӀадъӀийр йуй хьо?»- олий. «ТӀом беш верг хьо ву. Ахь иза сацабахь, аса айса йеш йолу дуьхьало сацор йу», - аьлла, жоп ло Таймасхас.
Цуьнан хьекъалах а, доьналлех а цецволий, Шен цӀа, Нохчийчу, дӀахьажайо иза Россин паччахьо.
Николай Хьалхарчун стуно (зудчо) Таймасхина, цуьнан сийдеш, деза совгӀаташ до: 100 детин сом ахча а, шен кочара схьа а йоккхий, дешин зӀенан тӀехь йолу кулон а.
Цул тӀаьхьа и зӀе Таймасхас дӀа ца йухкург – кхин 200 детин сом а долуьйту паччахьо.