Header1 1



ШОИП-МОЛЛА

Тоьлла волу нохчийн тӀеман баьчча, Имам Шамала чӀогӀа лоруш а,  цуьнан уггар йуххера а волу наиб а, мудир а ЦӀонтаройн Шоип-Молла вина Билта-эвлахь (Тухчар) 1804 шарахь, дешначу стеган, Нохчмахкахь хиллачу Мехкан-Кхелан куьйгалхочун Мохьмад-Хьаьжин доьзалехь.

Жима волуш цуо Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а тоьллачу Ӏеламнах болчехь дийшира.

Дешна ваьллачул тӀаьхьа, цхьана йукъанна йуьртан молла лаьттира иза.

Амма марсабаьлла дӀабоьдучу Кавказан тӀамна йуьстах вуьсийла дацара ШоӀип.

Цхьана йукъанна Имам ГӀеза-Мохьмадан гӀоьнча хуьлу иза.

Иза вийначул тӀаьхьа, Ташу-Хьаьжин муридех дIакхета иза.

Кхузахь къеггина гучудолу ШоӀипан хьуьнар а, доьналла а.

Лаккхара тӀеман говзалла цуьнан хиларна, ШоӀип уггар халачу тӀеман тасадаларшка хӀоттош хилла Шамала.

Цкъа а цигара эшна вуха а ца вирзина иза.

Къаьсттина хьунчохь бечу тӀамехь кайолуш хилла ШоӀипан.

Эрна дац гӀарабевллачу оьрсийн инарлаша «маршал лесной войны», аьлла, цуьнан цӀе йоккхуш хилар.