
НУРАДИЛОВ ХАНПАША
Нурадилов Ханпаша вина 1924 шарахь ДегӀастанарчу Хасун-Йуьрта кӀоштан Ярыксу-Аух йуьртахь Нурадилан, Гизарун доьзалехь.
Ханпашин ши шо кхочуш иза (тӀера да а, нана а делла) шел воккхачу шинан вешица шайн гергара нах болчу Минай-Тугай йуьрта дӀакхелхира.
Цигахь ишколе деша вахара Ханпаша. Дукха хан йалале Акхташ-Аух йуьртарчу берийн интернате дӀавелира иза.
1938 шарахь цуьнан воккхахволчу вашас – Мухтарпашас, ша ЦӀечу эскаре гӀуллакх дан воьдуш, 14 шо бен кхачанза волу Ханпаша, цуьнан 16 шо кхаьчна, аьлла, кехаташ а дахийтина, машинистан балха хӀоттийра.
Делахь а Хампаша, шен воккхахволу ваша санна, эскаре вахан лууш вара.
Йух-йуха а, тӀеман комиссариате а оьхуш, дехарш дора цуо цу хьокъехь.
Амма ханна жима хиларна, кхуьнан лаам кхочуш ца беш буьсура.
Эххар а, 1940 шарахь, Хасун-Йуьртарчу тӀеман комиссариато Г.И. Котовскийн цӀарахчу 3-гӀа Бессарабин дошлойн дивизе хьажийра Ханпаша.
Цигахь, хӀара пулеметан расчетан куьйгалхо а волуш, фашисташна дуьхьала Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелира.
Цу хенахь дуьйна, 1942 шарахь Сталинградехь ша турпалаллийца кхалххалца, Ханпашас 920 фашист хӀаллаквира.
1943 шеран 17-чу апрелехь Советски Союзан Лакхарчу Советан Президиуман Указаца Нурадилов Ханпашина Советски Союзан Турпалхочун цӀе йелира.