Header1 1



ХАРАЧОЙН ЗЕЛАМХА

ГӀараваьлла волу обарг Харачойн Зеламха вина 1872 шарахь Веданан кӀоштан Хороча йуьртахь, дикка хьалдолуш хиллачу ГӀушмазукъин доьзалехь.

ЧӀирана шен мостагӀ а вийна, Ӏедало лаьцначуьра ведда, обарг велира Зеламха.

Цул тӀаьхьа цуьнан дахар дерриге къоман а, мехкан а сийна тӀекхийдачарна бекхам беш, цхьа минот а маьрша йоцуш, чекхделира.

Иза дара цуо Соьлжа-ГӀалахь цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш байъинчу нехан чӀир оьцуш а, ша бахьнехь миска нах хьийзош хиллачу Ӏедалан куьйгалхошка жоп доьхуш а, гӀийла бохкучу нахана шега далун гӀо-накъосталла деш а.

Дечу хӀуманна ка йолуш а, цхьанна а хӀуманна бӀаьрган негӀар дӀа ца тухуш а, тIахъаьлла а стаг хилла Зеламха.

Цкъа гӀала ваханчохь шен коьртан мах Ӏедало 18000 эзар сом хӀоттийна, аьлла, пена тIе тоьхна хаам шена гича, цу хаам тIе иштта дешнаш йаздина цуо:

«Лерина дийшира. Механа реза вац. Сайгара тӀе кхин а 10000 сом туху. Зеламха», - аьлла.