Header1 1




МАЙЛИН ТАЙМАСХА

ГӀарайаьлла йолу Кавказан тӀеман декъашхо Майлин Таймасха (Молова Таймасха) йина Гихтахь.

Шен воккхах волу ваша тӀамтӀехь вийча, нохчийн Ӏадатехь цунах бекхам бан арайолу иза. 

Цуьнан доьналла а, майралла а девзинчу йуьртахоша шайн баьчча хоржу Таймасха. Имам Шамалан вевзаш волчу наибан Ахверди-Махьмин куьйган кӀелахь хуьлу иза.

Иштта цуо дакъалоцу Лермонтов цецвийлинчу 1840 шарахь Валарг-хи тӀехь хиллачу луьрачу тӀамехь а.

Итт шо сов хан йоккху Таймасхас бӀаьхьаллин гӀуллакх кхочушдеш.



БойсгӀар

Шен доьналлица а, майраллица а дуьненчохь а цӀейоккхуш волу БойсгӀар вина 1784 шарахь Бенахь, Боьршкъин доьзалехь.

Цуо жигара дакъалаьцна нохчийн къоман маршонехьа болчу  къийсамехь, цкъа хьалха –  Таймин Бийболатан Нохчийчохь хиллачу гӀаттамашкахь а, цул тӀаьхьа, ГӀеза-Мохьмад  ДегӀастанан Имам хӀоттийча, цуьнан бӀонехь а, Имам Шамал Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а Имам кхайкхича – цуьнан эскарехь бенойн наиб волуш а.

Шамал йийсаре ваханчул тӀаьхьа а, шина шарахь гергга, кӀар ца луш, тӀемаш бина БойсгӀара а, цуьнан накъосташа а.

Оцу луьрачу тӀемашкахь куьг а, ког а, бӀаьрг а баьккхина хилла цуьнан.